"День Чеченского языка"

25.04.2018

Вайн махкарчу массо а к1оштарчу ишколашкахь а, берийн бошмашкахь а нохчийн меттан де даздарш д1адаьхьира 25 апрелехь. Юьстаха ца йисира тхан берийн беш «Серло» а. Юккьерчу «Седарчий» тобанера бераша нохчийн мотт хестош байташ, иллеш, шира дийцарш дуьцуш, вайн кьоман оьзда хелхарш гойтуш самукьа даьккхира массеран. Вовшахкхетарехь дакьа лоцуш баьхкина Ойсхарарчу культуран ц1енан хьакь волу белхало Лечиев Адам вара шен кьона артисташца цхьаьна.Цара д1агайтира шайн хелхаран а, актерийн а говзаллаш. Даггара баркалла ала лаьа тхан берийн бешаца цхьана ийна з1е латтош, белхаш беш схьабог1учу « Ойсхарарчу культуран ц1енан белхалошна», иштта и самукьане цхьанакхетар кечдеш цу т1ехь болх бинчу берийн бешарчу кхетош-кхиорхошна Мушкаева Зараана, Ланжуева Маликина, кечам беш шайн накьосталлица дакьа мел лаьцначунна а.